ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бертаза халкъан цхьаалин денна леринчу митинге бохуш бу Нохчийчуьра бахархой


Халкъан цхьаалин денна леринчу барамашкахь дакъалацар тIедожийна министраллийн белхахошна. Мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхочо Таймасханов Галаса куьйгъяздинчу омран копи ю "Кавказ.Реалиин" карахь.

Митинге бахкар тIедожош дина омра
Митинге бахкар тIедожош дина омра

Документца а догIуш, хIора министраллана план дIакхачийна дезачу дийнахь вовшахтухучу митинге белхахой бахкийтар тIедожош. Масала, автомобилан некъийн министралла декхарейина 200 белхахо митинге араваккха а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан ден Кадыров Ахьмадан а пхиппа портреташ кечдан а.

Ишта цаьргахь хила деза баннерш а, лозунгаш а, байракхаш а. Соьлжа-ГIалин мэрина хьалхарчу майданахь оршотдийнахь дIабахьа лерина дезачу дийнан барамаш.

Маршо Радионо масийттазза яздира, Нохчийчохь пачхьалкхан белхахой бертаза кеп-кепарчу барамашка хьийсорах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG