"Аферисташна" ток йеттийтар бакъ дина Нохчийчуьрчу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан хьаькамо Ибрагимов Iийсас. Пачхьалхкан "Грозный" телеканалан корреспондентан Ахмадов Чингизан мэр лаьттинчу Кадыров Исламца йоьдучу эфиран бухахь комментари йитина Ибрагимовс шена хетачух.
"Аферисташна ток йеттийтар а кIезиг ду", - яздина Ибрагимовс. Социалан машанашкахь цунан йозанех терго йина дуккхаъчара.
Ша Соьлжа-ГIалин мэр волчу заманчохь электрошокерца зударшна ток йоьттуьйтуш, тIехь ницкъбеш видео Iораяьллачул тIаьхьа, Кадыров Ислама шена гечдар дехнера кIинадийнахь Ахмадов Чингиза Инстаграмехь дIаяьхьначу эфирехь.
"Со бехке ву I00 процентна. Сайгара даьллачух таIзар лан кийча ву со. Амма бакъду, ахчана дуьхьа, йа цхьа зуламечу ойланца лелийна дац ас и хIумнаш. Аферисташа Iехийначу нахана гIо дан Iалашо яра сан", - аьлла Кадыров Ислама.