ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхоша го а лаьцна, дIавоьллина гIалгIайн "Э" Центран куьйгалхо


Эльджаркиев ИбрахIим
Эльджаркиев ИбрахIим

Москвахь вийна ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦЭП) хилла куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Iабдулахьмад а дIавоьллина Наьcарахь оршотдийнахь. Тезет хIоттийна меттиг гоне ерзийна, ха деш бара полисхой, яздо Life Shot телеграм-канало. БIе стаг хилла кадамбан веана. Дийцарехь, хIора 150-200 метар мел ю дIахIиттийна хилла ницкъахой.

ГIалгIайчуьрчу полицин майор, «Э» центран 36 шо долу куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а вийра шоьтан сарахь Москварчу Тропарево-Никулино кIоштахь. Оцу хьокъехь баьржина хаам тIечIагIбира ТАСС а, «Интерфакс» а агенталлийн хьостанаша.

Baza портало дийцарехь, машенахь веана киллер Эльджаркиев волчу метте, герз диттина цунна а, цуьнца хиллачу цуьнан вешина а. Велла ший а. Зулам толлуш лехамашкахь ву кхо стаг, исс стеган бехк хилар зуьйш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG