Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанчаша хаамбарца, полисхойн декъе информаци кхачийна, Соьлжа-ГIалахь машен яьгна аьлла. Авторхановн цIарахчу урамна 10 метар дехьа йогучу Тойота машен чохь хилла газан баллон иккхина хилар къаьстина ницкъаллийн стрцуктурийн белхахошна.
Машенан долахочунна а, цуьнца цхьана хиллачу накъостна а чевнаш йина. Дарбан цIийнехь оьшу лоьралла динчул тIаьхьа цIа вахийтина и шиъ. Хиллачу инцидентах кхин дIа а талламаш беш бу.