Масех де хьалха, оьзда ца леларна девешо шен йоI йийна аьлла, социалан машанашкахула баржийна хаам бакъ бац аьлла зудчо. Шеггара долийнера ша аьлла цо. Видео тIехь гуш ду, хьиджаб тиллина йоI а гойтуш, зудчо нохчийн маттахь дуьцуш, ши сахьт а, ах сахьт а хьалха девешо урс хьаькхна, шен йоI йина бохуш. "ЧП.Чечня" канало Инстаграмехь арахецначу керлачу видео тIехь шен шина берана юккъе а хIоьттина нанас гечдар доьху.
"Iовдал хIума ду соьгара даьлларг. Сайн тилла лела цIийнда цIаверзон Iалашонца дIаязйинера ас и видео. Нахалахь яржо лаам бацара сан. Сайн берийн дена йохьуьйтуш яра со. Со бехке ю, къинтIера довла суна", - боху зудчо.
Шен йоIах лаьцна доцург а кхоьллина, эладита даржийначу нанас шен доьзалхочунна дика болх ца бина аьлла, ненера даьлларг емалдеш комментареш йитина каналан агIонехь меттигерчу бахархоша.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?