ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина дуьхьал ю нохчочунна Илаевна тховкIело яла


Украинан миграцин хьукмато тховкIело ца елла Нохчийчуьрчу 33 шо долчу вахархочунна Илаев Амхьадна. Бакъонашларъярхочо Кожушко Николайс бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале. Цо дийцарехь, мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу коьртачу офисе латкъамбийр бу йинчу дуьхьалонна.

Харковерчу Октябрскан кIоштан кхелахой дагахь хиллера Илаев лаьцна вуьтуш хан дIаяхъян оршотдийнахь, амма кхеташо дIатеттина кху беттан 5-чу дийне. Адвокато Ангелин Ивана тIечIагIдина ишта, шен клиент маьршаваккха аьлла, Лакхарчу Радан депутаташа Чийгоз Ахтема а, Ковалев Алексейс а, цхьа могIа бакъонашларъяран организацеша а дехар дарх. Байначу беттан 26-чохь Харковерчу Октябрскан кIоштан кхело Харковн Инарла прокуратуран дехарна жоп а луш, шина баттана чохь витира Илаев депортацин набахтехь. Иза стенна лаьцна дуьйцуш дац прокуратурехь.

Маршо Радионо яздира, Илаев Амхьад Украинехь лацарх, цо Нохчийчохь стаг вийна, бакъо йоцуш герз а лелийна аьлла, Оьрсийчоьно еллачу информаци тIехула. Адвокато Ангеловс чIагIдарца, 2008-чу шарахь дуьйна Украине сехьа а ваьлла, Харьковн кIоштахь вехаш хилла Илаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG