ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойн лидеран йиша дIалаьцна туркойн эскарша


"Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин тобанхойн лидеран ал-БагIдадин йиша дIалаьцна туркойн эскархоша аьлла, хааме даьккхина информацин агенталлаша, Туркойчоьнан лаккхарчу даржхочунна тIе а тевжина. 65 шо долу Авад Расмия шен доьзалца лечкъина хилла Шемарчу Алеппо провинцин Азаз гIалина гергахь. Оршотан суьйранна йолийначу леринчу операцехь лаца аьтто баьлла иза. Цуьнца цхьана дIалаьцна цIийнда а, нус а, пхи бер а.

Байначу баттахь Iамеркан эскархоша иза лаца Iалашонца лерина операци дIахьочу хенахь ша шен эккхийтина даIишхойн хьалханчас ал-БагIдади Абу-Бакра. Карадаьхкинера хIетахь тобанхойх информаци яла тарлун дуккха а документаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG