Нохчийчохь "Декхархо" аьлла, цIе тиллина мехкан некъан полисхойн урхаллан (ГИБДД) белхахоша кхелан пурстоьпашца юкъахь дIабаьхьначу оперативан барамашкахь машенлелорхошкара схьадаьккхина 1 миллион сов ахча. Байначу беттан 24-чу дийнера 30-чу дийне кхаччалц йолчу юкъанна гулдина ду и декхар.
"Некъан пурстоп" олучу электронан программашца гучубохуш хилла цара шайна тоьхна гIуданаш такхаза машенлелорхой. Дийцарехь, тIейогIучу заманчохь а некъа тIехь рейдаш дIаяхьа сацамбина ГИБДД-н белхахоша.