Карарчу хенахь болх бечуьра сацийначу оппозицин Taraf газетан хилла коьрта редактор Алтан Ахьмад а, журналист Ылыджак Назлы а махкара арадалар а дихкина, маьрша дитина Туркойчуьрчу кхело. Пачхьалкхан Anadolu хаамийн гIирсо яздина цунах лаьцна оршотдийнахь.
2018-чу шеран Чиллан-баттахь Алтан Ахьмадна а, цуьнан вешина - экономикан профессорна Алтан Мехметна а, Ылыджак Назлына а белла дIабовллалц набахтехь яккха хенаш йиттинера, Туркойчохь йихкинчу Гюлен Фетхуллан боламца уьйраш хилла аьлла, бехкебина. 2016-чу шарахь Туркойчохь Iедал карчон гIортарна бехкево Гюлен.
Кху аьхка журналисташна хьалхо "Iедал хийца гIортарна" аьлла, биллина бехк хийцира туркойн Лакхарчу кассацин кхело "террорхойн тобанна гIо латторца" аьллачу артиклца. Хьалхарчу инстанцин кхело гIуллакх теллинчул тIаьхьа хенаш лахйира церан. Лецначара набахтехь кхо шо даьккхина хиларна, кхело сацамбина оршотдийнахь, махкара бовлар доьхкуш, набахтера арабаха уьш. Ткъа стохка набахтера араваьккхина хилла Алтан Мехмет бехказвоккхуш хьесапдина кхело.
Туркойчохь карчам бан гIортинчул тIаьхьа 80 эзар сов стаг дIалецира Iедалхоша, кхин а 150 эзар пачхьалкхан белхахо балхара дIаваьккхира.