ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сабсаби Зияда сенаторан дарж охьадуьллуш ду


Сабсаби Зияд
Сабсаби Зияд

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Гергарчу Малхбалехь векал лаьттинчу, Федерацин Кхеташонан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовса Сабсаби Зияда шегара дарж охьадиллина. "Кегийчарна некъ бала воллу со", - аьлла цо ТАСС агенталле шинаридийнахь, ша Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан командехь вуьсуш хилар билгалдоккхуш.

"Кхечарна, къаьсттина кегийчарна некъ бала а, болх бан таро яла а хан кхаьчна. Цхьана даржехь къахьега 11 шо дукха хан ю", - аьлла Сабсабис. Жимма са а даьIна, цул тIаьхьа балха хIуттур ву ша аьлла цо.

"Со хила а хилла, кхин дIа а хир ву Кадыровн командехь. Ша къоман лидерца – Оьрсийчоьнан президентца а, мехкан куьйгалхочуьнца а ву аьлла мел хетачо, ша миччахь велахь а, муьлххачу даржехь хилча а шен ницкъ мел кхочург дан деза. Со мел оьшу, сайн тароне хьаьжжина даим а гIоьнна кийча хир ву со", - билгалдаьккхина сенаторо.

ТIаьххьарчу итт шерашкахь ша дIатийсинчу зIенех "Оьрсийчоь а, цуьнан регионаш а Гергарчу Малхбалехь а, доллу дуьненахь а кхиорхьама пайдаэца беза" аьлла хета цунна.

2008-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчоьнан цIарах сенатор вара Сабсаби. Ткъа 2009-чу шарахь Федерацин Кхеташонан комитетан куьйгалхочун гIовс хаьржинера иза. 2021-чу шеран Гезгмашин-баттахь сенаторан декхарш кхочушден хан чекхйолуш яра цуьнан. Федерацин Кхеташонехь луьстур долуш ду цуьнан дIахьедар кхааридийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG