ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мукадехкийн дIовш диъна бер дарбан цIийне кхачийна Нохчийчохь


Грозненск кIоштарчу ЧIаьнти-Юьртарчу шо кхаьчначу беро мукадехкийн дIавш даар толлуш ду Нохчийчуьрчу прокуратурано. ДIовш даьлла кIант лоьмар 2 йолчу дарбан цIийнехь охьавиллина ву. Прокуратуран информацица, байначу беттан 31-чу дийнахь хилла бу и бохам.

Ишта кху деношкахь зорбанашкахь яздора, Соьлжа-ГIаларчу доьзалерчу 4 шой, 1 шой кхаьчначу шина беро водородан пероксид маларх а, и бераш клиникан лазартне кхачорах а.

Республикан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпудис шен леринчу тергоне а эцна, талламаш болийна оцу инцидентийн хьокъехь.

XS
SM
MD
LG