ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РБК: Некъан бохамаш алсам хуьлучех ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а


Нохчийчуьра некъан бохам
Нохчийчуьра некъан бохам

Къоман рейтинган агенталлан эксперташца юкъахь шаьш дIабаьхьначу талламашца РБК агенталло билгалдаьккхина, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а къаьсттина алсам хуьлуш хиларх некъан бохамаш. Шаьш зераш дIахьочу заманчохь цхьа могIа гайтамаш лерина цара, ишта машен лелоран хатI а, маса хахкар а, машенашкахь йоккху хан а цхьана. 14 эзар машен чу хIоттийначу тематикан гIирсца гулйина эксперташа шайн информаци.

Бинчу талламийн жамIаш баллашкахь Iорадаьхна цара. Масала, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а 75, 1 балл кхаьчна. Некъаш тIехь хьал кхераме хиларца къастийна ишта Забайкальскийн (75,6), Оренбургскан, Ленинградскан (шиннан а 77, 1 балл), Челябинскан (77,2) кIошташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG