ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мордоверчу набахтехь тутмакхаша мацалла кхайкхийна


Мордовера колони
Мордовера колони

Мордоверчу Сосновкера лоьмар 7 йолчу колонерчу 70 Таджикистанерчу тутмакхо мацалла кхайкхийна, набахтен белхахоша шайна тIехь лелочу къизаллашна дуьхьал. "Ахбор" хьостано дуьйцу цунах лаьцна, лецначийн гергарчара кхачийначу информацица.

Карарчу шеран Чиллан-баттахь колонехь керла хьаькам Сергушкин Сергей хIоттийначул тIаьхьа хьал шога лаьтта цигахь. Ишта а халчу хьелашкахь хан токхуш болу тутмакхаш ШИЗО (таIзаран изолятор) хьийсабо хIуъа а цаьргара далахь а. Ткъа царна тIехьожучара къизаллаш лелайо цаьрца.

Цхьана дийнахь ламазан кузаш цаьргара схьа а даьхна, хьаштагIа чу кхийсинера. ХIетахь протесташ йолийра тутмакхаша.

Кху шеран аьхка а оццу набахтерчу 60 гергга тутмакхо мацаллин акци кхайкхийра, шайна чевнаш а еш. Цара латкъамаш бора колонин куьйгалхочунна Сергушкинна.

"Куьйгех гIоьмаш а тухий, гIаж етта. Букъа тIехьашхула гIоьмашца куьйгаш дIа а доьхкий, цхьана тобано етташ нисло. Коьртех ца етта цара. Дукха хьолахь, когийн кIажойх а, жаннех а", - дийцинера "Новая газетане" цхьахволчу тутмакхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG