ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн набахтехь тутмакхна тIехь ницкъбеш видео Iораяьккхина


Оьрсийчуьрчу набахтехь тутмакхашна тIехь ницкъбеш керла видео зорбане яьккхина "Новости Красноярска" хьостано. Юьйцург ю Красноярскера лоьмар 17 йолу колони. Видео тIехь гуш ду, хьаштагIа чохь набахтен белхахочо маьттаза мотт лебеш, кхерамаш туьйсуш, тутмакх уьйтIе цIанъян хьажон гIерташ. Тутмакхо шена дуьхьало йича, цунна етта а етташ, унитаз чу цуьнан корта теIабо колонин белхахочо.

Дуьйцуш дац, стенгара яьлла журналисташна и видео. Хьостан редакцино чIагIонаш йо, цу видео тIехь верг Красноярскан кIоштан федералан таIзар кхочушдаран урхаллан (УФСИН) декъан хьаькам Слепцов Сергей ву бохуш. Хьалхо кхин а цхьана лаьцначунна тIехь ницкъбарх айдинчу бехкзуламан гIуллакхан теш хилла а ву иза.

Хаамийн гIирсо Iораяьккхина видео бахьана долуш регионерчу ФСИН-ехь талламаш болийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG