ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭльджаркиевгIар байарна куьйгбехке хиларх шеко йолуш лоьхуш ву Картоев


Эльджаркиев ИбрахIим

ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Ахьмад а верна шеконашка эцнарг билгалваьккхина полицино, яздо "Коммерсанто". Вуьйцург ву ГIалгIайчуьра вахархо Картоев Къурейш.

"Зулам дарна шеконаш кхоллаелла ГIалгIайчоьнан вахархо 1973-чу шарера Картоев Къурейш лоьхуш ву", - аьлла ду Iорадаьккхинчу документ тIехь.

Полицин версица, де хьалха суьйранна ялх сахьт даьллачу хенахь Москвара Хасав-Юьрта йогIучу автобус тIехь хилла иза.

Карладоккху, ГIалгIайчуьрчу полицин «Э» центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим шоьтан сарахь Москварчу Тропарево-Никулино кIоштахь вийра. Оцу хьокъехь баьржина хаам тIечIагIбинера ТАСС а, «Интерфакс» а агенталлийн хьостанаша.

Baza портало дийцарехь, машенахь веана киллер Эльджаркиев волчу метте, герз диттина цунна а, цуьнца хиллачу цуьнан вешина Ахьмадна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG