ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байдуев Азамат Оьрсийчоьне дIавалар низамашкахь ца хилла аьлла Полшин кхело


Байдуев Азамат

Стохка Марсхьокху-баттахь 35 шо долу нохчо Байдуев Азамат Оьрсийчоьне дIаваларо низам дохийна аьлла, тIечIагIдина Варшаван административан кхело. Шинаридийнахь кхелахоша сацамбина, хIетахь Полшин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгаллехь хиллачу Брудзинский Иоахима иза дIаваларе хьалха цуьнан ситуаци кхачо йоллуш талла дезаш хиллера, депортаци йинчул тIаьхьа ницкъбийр бац цунна аьлла, тешам хила а безара. Цундела Брудзинскийн вердикт низамца догIуш дац аьлла кхело.

"И дика сигнал ю, тхо цунна реза а ду. ТIейогIучу заманчохь чоьхьарчу гIуллакхийн министралло депортаци яле хьалха кIорггера толлур ду кхечу пачхьалкхийн бахархойн хьелаш", - аьлла "Кавказ.Реалиига" Байдуевн гIуллакхна тIаьхьаяьлла леллачу Хельсинкан адамийн бакъонашкахула йолчу фондан юристо Горчинска Мартас.

"ХIинца бинчу сацамах кехат каракхачаре хьоьжуш ду тхо. Цхьа бутт, йа ши бутт баьлча документаш кийча хир ду аьлла, тешам бу сан. Байдуевн доьзална Полшин Iедалхошкара компенсаци яккха тхо хьовсур дац ала а дац. Полшехь дисина цуьнан къена да, нана а, ялх бер а, царна гIо оьшу", - аьлла, тIетоьхна Горчинскас.

Белгин дозан тIехь теракт кечдарна бехкевеш, лаьцна Нохчийчуьра мухIажир Байдуев Азамат Полшерчу депортацин набахтехь латтийра цхьана хенахь. 2007-чу шарахь политикан тховкIело еллера цунна оцу пачхьалкхо. Цул тIаьхьа Белге дехьаваьллера иза.

Цул тIаьхьа Белгин полисхоша дIалецира Азамат, шайн Францерчу коллегашкара информаци кхаьчна, Байдуев Азамат Белгин территори тIехь теракташ кечдеш хилла аьлла, шеконаш ю аьлла.

И шеконаш бакъ ца хиллашехь, Белгино Полше депорт йира цунна, гергарчу 10 шерачохь Шенгенан зонана юкъайогIучу пачхьалкхашка вахар а доьхкуш.

Варшавехь меттигерчу Iедалша а хеттарш динера Байдуевга. Цул тIаьхьа маьрша витинера цара. Делахь а, цIеххьашха лаца а лаьцна, дукха хьем ца беш Оьрсийчоьне дIавелира Байдуев Азамат.

"Кавказ.Реалии" порталан информацица, Европе дехьавалале Оьрсийчоьнан Iедалша лоьхуш хилла ву иза. Нохчийн гIаттамхойн декъехь лаьттина ву бохуш, лаьцна тIехь ницкъ бина а хилла цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG