ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьана баттахь кхоазлагIа 300 эзар сом гIуда хьарчийна "Мемориалах"


Черкасов Александр
Черкасов Александр

"Арахьарчу агентех" долу низам тIехтесна цара аьлла, бакъонашларъяран "Мемориал" центрна 300 эзар сом гIуда тоьхна Москварчу Тверскойн кхело. Цо тIечIагIдарца, твиттерерчу церан организацин агIон тIехь хIоттийна "арахьара агент" хиларан билгало ца хилла. Ишта 100 эзар сом гIуда хьарчийна "Мемориалан" куьйгалхочух Черкасов Александрах а, фейсбукерчу агIон тIехь билгало ца хIотторна. ТIаьххьарчу цхьана баттахь шозза 300 эзар соьмана гIуда туьйхира организацина, гIалгIайн декъан фейсбукерчу а, ютьюберчу а агIонашкахь билгало ца ярна.

2012-чу шарахь тIеийцира Оьрсийчохь "арахьарчу агентех" низам. Цуьнца а догIуш, муьлхха а коммерцица йоьзна йоцу организаци, йа хуьлий иза юкъараллан болам, агентийн тептаре яккха бакъо яра, нагахь санна, политикан гIуллакхаш а лелош, кхечу пачхьалкхашкара ахчанаш цара оьцуш делахь.

Таханалерачу дийнахь "арахьарчу агентийн" реестрехь ю 150 сов организаци а, хаамийн гIирс а. Ю царлахь "Голос" ассоциаци а, "За права человека" болам а, бакъонашларъяран "Мемориал" центр а, къизаллашна дуьхьалоен Комитет а, Радио Свобода а, телеканалаш а "Настоящее время" а , "Голос Америки" а, фонд "Общественый вердикт" а, коррупцица къийсам латтон Навальный Алексейн Фонд а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG