ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зулам дина стаг вуьйчу низамехьа бу 49 процент бахархой


Динчу зуламна дуьхьал стаг вуьйш низам юха а юкъадаккха луучийн терахь лакхадаьлла. 2017-чу шераера схьа кху дийне кхаччалц 5 проценте кхиъна и терахь. Доккхачу декъанна бу лаам болчарлахь 55 шарел тIехбевлла нах.

2017-чу шарахь бинчу талламашца, 47 процент бахархой реза бара стаг вуьйш низам юкъадаккха, ткъа кху шеран гуьйренца динчу зерашца – 49 процент нах догреза бу.

Левада-центро хаттам дIабаьхьнера ГIадужу-беттан 24-30-чу а деношкахь 18 шарера ваьллачу 1616 респондентна юкъахь 50 регионан 137 гIалахь а, эвлахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG