ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу килсан дозан тIехь туька схьайиллина олигархан Джабраиловн вешин йоIа


Олигарх, экс-сенатор Джабраилов Iумар
Олигарх, экс-сенатор Джабраилов Iумар

Олигархан, экс-сенаторан Джабраилов Iумаран вешин йоIа Джабраилова Айзас Москварчу килсан (Храм Христа Спасителя) территори тIехь бутик схьаелла Iалашонца гIишло лаьцна, яздо "Открытые медиа" гIирсо. Джабраилован бутикан Инстаграмерчу аккаунтехь яздина ду: " ASET цIе йолу модан цIа схьаделларан Iалашо ю – Малхбален културан хазалла зударийн духаршца доллу дуьненна дIагайта лаар а".

Модан бизнес лелош ю Айзан. ASET аьллачу маркица схьайиллинчу "Iайнаъ а, Айза а" (Айна и Айза) Арт студин инарла директор ю иза. Ткъа Iайнаъ цуьнан йиша ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG