ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭльджаркиeвгIеран хьокъехь нах лебина талламчаша


ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) хьаькам Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Ахьмад а вер толлучу юкъанна барт хаьттина талламчаша 53 шо долчу Осканов Алихане. "Лента.ру" гIирсо шайн полисхойн декъерчу хьостанна тIетевжина дийцарехь, бинчу талламо тIе ца чIагIдина Осканов бехкехилар. Хеттарш динчул тIаьхьа маьрша витина иза.

Осканов воцург а, талламчаша левина кхин а масех стаг, Дагестанера бахархой а цхьана, яздо Mash телеграм-канало.

Карладоккху, ГIалгIайчуьрчу полицин «Э» центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а шоьтан сарахь Москварчу Тропарево-Никулино кIоштахь вийра.

Baza портало дийцарехь, машенахь веана киллер Эльджаркиев волчу метте, герз диттина цунна а, цуьнца хиллачу цуьнан вешина Ахьмадна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG