Нохчийн шира дешнаш къамелехь лелон деза аьлла, кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Махкарчу синбахамаллин министрца Дааев Хож-Баудица хиллачу цхьанакхетарехь дина цо и дIахьедар.
Республикерчу Iедалхойн Iалашонех уггар а коьртачех ю аьлла Кадыровс къоман культура Iалашъяр а, яржор а.
"Вайн къоман хелхарш, иллеш, гIиллакхаш, ламасташ, шира гIишлош а - къоман хьал-бахам бу. И дерриг а тIекхуьучу тIаьхьенна дита дезаш ду вай. Къаьсттина терго ян еза вешан меттан. Халахеташ делахь а, дуккха а хаза дешнаш ду-кх тахана вай пайда ца оьцуш, довш лаьтташ. И кхачамбацар дIанисдан деза вай. Цундела хаамийн гIирсашкахула жигара баккха беза болх, къийсадаларш дIа а хьош", - аьлла Кадыровс.