ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман гIирс шайгахь латтийначу шинна хенаш тоьхна Нохчийчохь


ТIеман гIирс латтийнчу шина вахархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийна Соьлжа-ГIаларчу кхелахоша. Нохчийчоьнан прокуратурано бина и хаам.

Набахтехь даккха цхьацца шо хенаш кхайкхийна Муцагаев Мохьмадна а, С. Тимерланна а. Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштарчу Сормовская урамехь 2012-чу шарахь карийнера шена аьлла Муцагаевс граната (РГН).

Ишта кхело тIечIагIдина, Тимерлана шегахь къайлабаьккхина латийна 16 патарма полисхошна карийна хилар.

XS
SM
MD
LG