ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьхза Шамсутдиновн адвокаташ хIиттина Нагиев а, Чапанов а


Шеца цхьана эскаран декхарш кхочушден бархI салтий вийначу Шамсутдинов Рамилна адвокаташ хIитта бахна ГIезалойчуьра а, Нохчийчуьра а, Саратовн кIоштара а адвокаташ - Нагиев Руслан, Чапанов Сайд-Мохьмад а, Тугушев Равиль а. Daily Storm хьостане бина цунах хаам Нагиев Руслана.

Оцу гIуллакхан материлаш йолуш ю адвокаташкахь, Нагиевс бахарехь. "Салтийн гергарчаьрца дийцарш ду цкъачунна дIахьош, цхьа барт хир бу тхан. Кхузахь гонорараш хьехош а яц, сайн коллегашца Тугушев Равильца а, Чапанов Сайд-Мохьмадца а цхьана маьхза гIо дан сацамбина оха", - аьлла Daily Storm хьостне Нагиевс.

Цкъачунна олийла дац шайн боху адвокато, иза Iадашварехь муьлха стратеги шаьш лоцур ю. "Хила тарло оцу заманчохь иза аффектехь хилла а, делахь а, и верси бакъйойла дац экспертиза ца йича", - боху Нагиевс.

Ишта цо дийцарехь, Шамсутдиновна гIо дахьара аьлла, цуьнга дехар дина Оьрсийчуьрчу Азин декъан Динан урхаллан векалша.

Байначу беттан 25-чохь Забайкальерчу тIеман декъехь 20 шо долчу салтичо Шамсутдинов Рамила вийна 8 стаг, шинна чевнаш йина. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллина цунна дуьхьал. Чита гIаларчу гарнизонан тIеман кхело шина баттана лаьцна вуьтуш, сацамбина.

XS
SM
MD
LG