ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлна а, Каримовна а хезна дац Кадыровс кхерамаш тийсар


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан пресс-секретарь Каримов Iалви а
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан пресс-секретарь Каримов Iалви а

Социалан машанашкахь стаг аьшнашвеш комментареш юьту нах совцо беза "байина а, чубоьхкина а, кхерийна а" бохуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина кхайкхамаш хезна бац Кремлна аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. "Новости" агенталло яздо цунах лаьцна. Оьрсийн Би-би-си-но Iорадаьхна цуьнан дешнаш толлур дуй аьлла, журналисташа хаьттича: "Би-би-син хаамаш юьхьарэцна, хIуммаъ дуьйцийла дац", - аьлла Песковс. Кадыровс динчу къамелан оригиналаш шена гина яц аьлла, тIе а тухуш.

Ишта Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-секретаро Каримов Iалвис шена а хезна дац аьлла, Кадыровс "байина а, чубоьхкина а, кхерийна а" совцон беза эладитанхой бохуш, дина дIахьедар.

Дахначу кхааридийнахь дийца даьккхира нохчийн куьйгалхочо кхерамаш туьйсуш, дина дIахьедар. Нохчийн мотт цахуучу корреспонденто харцхьадаьхна цуьнан дешнаш аьлла Каримовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG