ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанашкахь артисташка къоман оьздангалла ларъяр дехна министро


Махкарчу културан урхаллашца а, хьукматашца а дIадаьхьначу цхьанакхетарехь синбахамаллин министро Дааев Хож-Баудис дийцаредина иллиалархойн хотIах а, репертуарах а. "Инстаграмехь шайн дахарера суьрташ а, видеош а, комментареш а зорбане йохучу заманчохь нохчийн этика ларъеш хила. Културан белхахочо тидам бан беза ша нахала йоккхучу контентан, хIунда аьлча, къоман синбахамаллин векалш хиларе терра, цара масала гойту тIекхуьучу тIаьхьенна", - аьлла министро.

Ишта декхаребина нохчийн артисташ, шаьш дIаала кечдинчу иллийн тексташ йийцареян а. "Экспертийн кхеташонан кхеле яхка еза тексташ, илли нахала даккхале. Цул совнах, музыкин материалан анализ еш гIо дан вовшахтоьхна културан сферехь кеп-кепара комиссеш ю", - аьлла Дааевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG