ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн тайпанийн Кхеташо" дIакъовлар тIедожийна юридикан министралло


ГIалгIайчуьрчу юстицин министралло республикан Лакхарчу кхеле кехат дахьийтина, "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо" дIакъовла аьлла. "Медиазона" хьостано Iорабаьккхина и хаам. Шаьш хьалхо дIанисде аьлла, тIедехкина кхачамбацарш нисдина дац, цундела министралло тIедожийна тайпанийн Кхеташо пачхьалкхан реестр юкъара а дIаяккха аьлла.

Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан юридикан министралло гIалгIайн тайпанин Кхеташонан болх юкъахбаьккхира. Организацин векалш тешна бу, Халкъан гуламан депутаташка гIалгIайн латтанийн дакъа кхечу Оьрсийчоьнан субъекташна дIа ма ло аьлла, бинчу кхайкхамца доьзна ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG