ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ингалсан блогеро къинтIера баьхна нохчийн зударий (+видео)


Ингалсан пачхьалкхера Нохчийчу кхаьчначу туристо-блогеро Бенжамина шена гечдар дехна Нохчийчуьрчу зударшка. Дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан хазаллех дуьйцучу хенахь, цIерпоштан купечуьра дийца волавеллера иза. "Со тешна ву, цкъа мацца а цхьана сарахь, цхьахйолчу социйлехь, кху цIерпошта хиъначу нохчийн йоIа хIара чоь соьца йоькъур ю аьлла. Романтикаллин чиркхаш латор ду ас. Салам Iалайкум, йиша, луур дарий хьуна соьца цхьана "Балтика 7" дIамала?", - олу цо шен социалан аккаунтехь Iораяьккхинчу ролик тIехь.

Error rendering VK.

Шегара яьллачу ледарлонех керла видео дIаязйина Бенжамина. Цо нохчийн зударшка а, махкарчу бахархошка а шена къинтIера довлар доьху. "Цхьа товш доцург аьллера ас нохчийн зударех лаьцна. Ас сайна гечдар доьху нохчашка. Шу кхета аьлла хета суна, ас цхьа вочу Iалашонца и дина цахиларх, ларамза соьгара даьлла иза", - бехказавуьйлу ингалсан блогер камерана хьалха.

Меттигерчу бахархошка даггара ларам а бу, шен блогехь Нохчийчоь дикачу агIор гайта Iалашо а яра шен бохуш, кхетош ву ингалсхо.

"Шуна хаьа-кх ингалсан пачхьалкхехь а, Нохчийчохь а долу гIиллакхаш тайп-тайпана хиларх. Юха а доьху ас, сайна къинтIера довлар. Ас тешалла до шуна, Нохчийчоьнах ас яьккхина рогIера сан ролик шуна товр ю аьлла", - дерзийна шен къамел Бенжамина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG