ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан шалха стандарташ


Удмуртийн меттан гIайгIано орцахвехира Разин Альберт, цо вагийра ша Iедалан цIенна хьалха Гезгмашин-беттан 10-чу дийнахь
Удмуртийн меттан гIайгIано орцахвехира Разин Альберт, цо вагийра ша Iедалан цIенна хьалха Гезгмашин-беттан 10-чу дийнахь
Гафурова Марият

Ша урхалла дечу пачхьалкхо къаьмнийн меттанаш лечу кхачийнехь а, оьрсийн маттах сагатдо Оьрсийчоьнан президента

«Оьрсийчоьнан меттан кхеташонехь» шинарийдийнахь къамелдеш Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира гезбехира «оьрсийн маттаца «тIом беш хьийза», «хьехаш чуьра русофобаш» а, «маргиналаш» а.

"Вайна го, леррина, ас къасттийна боху, маьттаза, дукха хьолехь, эхь ца хеташ, оьрсийн меттан аре гатъян гIертарш. Мотт аратаса гIертарш. Хьехаш чуьра русофобаш хилла ца Iа оьрсийн маттаца тIом бийраш – иза вайна гуш ду, цхьа а къайле а яц. Сов эвхьаза бо шайн болх кеп-кепарчу маргиналаша, агрессехь болчу националисташа», - элира Путина.

"Халахеташ делахь а, цхьацца мехкашкахь пачхьалкхан политика хуьлуш лаьтта цунах», - билгалдаьккхира цо.

Ца элира Путина, муьлха пачхьалкхаш ю ша юьйцурш, ткъа хууш ду дукха хан йоццуш оьрсийн мотт хьехар шайна чохь дихкинарш Украина а, Латви а хилар.

Амма Путина хIинца динчу оцу дIахьедаро оьрсех доцчу къаьмнийн векалшна карлайоккху цо шайна дукха хан йоццуш йина хьу. Къаьмнийн меттанаш, оьрсийн мотт боцург, деккъа дIа лаамехь Iамош хила беза, нах уьш Iамо тIетеIабойла дац, элира Путина цкъа. Оцу къамело айдинчу Iедало сихха арадаьккхира, пачхьалкхера «титул-мотт» боцург, кхидолу меттанаш Iамор дешархошна, студенташна тIехь дац, аьлла долу низам. Доккха зен а дина оцу гIулчо.

Империн логика

ГIезалойчуьра Айсин Руслан цец ца ваьккхина меттан хьокъехь хIинца Путина дийцинчо. «И болх 2017-чу шарахь бан болийра, къаьмнийн юкъаметтигаш тергалъечу Йошкар-Оларчу президентан офисехь», президентна хьалха кехат диллира хIетахь, ГIезалойчохь бовш лаьтта оьрсийн мотт, аьлла дара иза, дийцира Айсина «Кавказ.Реалиига».

Айсинан йоI ю гIезалойн мотт лаамехь Iамочу гимназехь доьшуш – ГIезалойчохь гIезалойн мотт пачхьалкхан мотт ларалуш белахь а, иза Iамор-цаIамор дешархойн лааме диллина оцу гимназино.

Эксперто дийцарехь, ГIезалойчоь шен ма-хуьллу лаьттира къоман мотт къуьйсуш. «Шина шарахь къийсаделира тхо, амма хьал талха дуьйлира. ХIинца тхо, цунах дерг аьлча, кхин а боккха бохам тIеэца кечделла Iа. Къаьмнийн башхалла – субъекталла – дохош ду», - саготта ву Айсин.

Цо дагалоьцу 90-гIа шераш: хIетахь ненан мотт Iамо чухьаьддера гIезалойн къам. Ткъа хIинца дIакъовлуш ю оцу хенахь ехкина гIезалойн школаш – тахана яц республикехь иштачех цхьа школа бен (!).

"Къаьмнийн республикаш дIаяха аьтто бо оцу некъо. Империн логика цхьаъ ю даима а – шен дозанашна чохь мостагIий лехар», - элира Айсина.

«Стенна эшош бу къаьмнийн меттанаш?»

Педагог Мусаева Заира янне а яц Путина дуьйцучунна реза. «Шайн меттанаш Iамор хьалхарчу метте пачхьалкхаша дуьллуш хилча, нийса дац царна лер, «оьрсийн маттанна тIом кхайкхийна» бохург нийса дац, нийса дац шайн къоман мотт чIагIбан гIертачу наханна «хьехашкара русофобаш», «националисташ-маргиналаш» бахар а», - тешна ю педагог.

«Вайн таронаш алсам мел юьйлу, дахар то мел ло, оьрсийн маттанна тIегIерташ хир бу нах», элира Путина. Оцу тIе кхача дуккха а зама оьшур ю аьлла хета Дагестанерчу хьехархочунна.

"Юьхь-дуьххьал хаттар дан лаьара суна президенте: кхечу пачхьалкхашка оьрсийн меттан ларам бен а бохуш, Оьрсийчоьно стенна охьатеIабо кегий къаьмнийн меттанаш?! Ненан маттана дуьту сахьташ лахдеш ду, цхьаццанхьа факультативийн могIара баьккхина бухарчу къоман мотт», - леткъа «Кавказ.Реалиица» къамел дийриг.

Мусаевана тIетайра шен цIе йоккхийла ца лиина Дагестанера цхьа хьаькам а.

"Путинан шалха стандарташ ю уьш. Украино а, Латвино а оьрсийн маттах дийрриг ду Оьрсийчоьно шен къаьмнийн меттанех деш. Массо а адамех оьрсий беш ю Оьрсийчоь! Йовш ю вайн къаьмнийн истори, синбахам, литература. Массех итт-шо бен ца оьшу дерриг а доьза дан», - элира Дагестанерчу хьаькамо.

«Дешарх» цIе йолчу низамо ненан мотт а, ненан литература а хьехар школашна тIехь ду боху. Амма дай-наношна магадо ненан мотт оьшу, я ца оьшу къастор, иза беранна хьехийтар, я цахьехийтар, цевуьйлура цо.

"Оцу юккъехула керла сахьташ юкъадаьхна – «Оьрсийн мотт – ненан мотт» цIе а тиллина. Лаамехь-лаамза ду, аьлла къастийна, ненан мотт юьстах а битина, и дисциплина харжар», - элира Iедалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG