ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьмад Пайхамарх лаьцна тоьлла байт язйинчунна миллион сом делла


Нохчийчоьнан Динан урхалло юкъаяьккхина Мохьмад Пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьцна тоьлла байт язъен конкурс дIаерзийна Соьлжа-ГIалахь. Къовсаман спонсор хIоьттинера Кадыров Ахьмадан цIарх йолу фонд. 150 меттигерчу вахархочо язйинчу байтех 15 къастийнера жюрин декъашхоша.

Байташ къасточу заманчохь цара тидаме эцна хилла стихан цIе а, иза дагахь хаар а, дIаешаран говзалла а, Мохьмад Пайхамаран дахарх лаьцна иза хилар а. Ишта кхелахоша тергойина хилла нохчийн меттан хаарийн а.

Конкурсехь толам баьккхина Тимбулатов Мовсара. Цунна кхаьчна конкурсан коьрта совгIат – миллион сом. ШолгIа меттиг баьккхинчу Тахбаева Мархина 500 эзар сом, кхоалгIа меттиг дIалаьцначу Зайпулаев Алиханна 300 эзар сом делла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG