ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримовн бехкаш дIатеттина «Би-би-си-но»


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана эладитанаш даржон нах совцон беза "байина а, чубоьхкина а, кхерийна" аларх, "Би-би-сино" зорбане даккхар доцург кхоллар ду аьллера мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис. Нохчийн мотт цахуучу хьостан корреспонденто харцахьадаьхна Кадыровн дешнаш, шена хезна дац цо цу кепара дина дIахьедар аьллера пресс-секретаро.

"Нохчийчоьнах лаьцна ма-дарра цкъа а яздина хааделла дац суна йа "Би-би-сис" а, йа Великобританерчу, Францерчу, йа Германерчу, Iамеркарчу хаамийн гIирсаша", - аьллера Каримовс.

Шайн агенталлан журналистийн Iедал дац харцдерг дуьйцуш, цара нохчийн маттера оьрсийн матте дерзийна Кадыровн гочдар нийса хиларх тешна а ду шаьш аьлла, жоп делла "Би-би-сино", яздо "Интерфаксо".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG