ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьршачу нехан хIусамашна бомбанаш еттарна Iамерко бехкейо Оьрсийчоь а, Шема а


Шемарчу масех бахархойн гIишлошна тохарш дина шемахойн тIемалоша Оьрсийчоьнан кеманаша гIо а деш. 12 стаг вийна, лазийна 40 гергга. Iамеркан пачхьалкхан секретаро Помпео Майка дина цунах дIахьедар шен твиттерехь.

Ишта цо билгалдаккхарехь, Димаьшкъа а, Москва а ООН-о латточу процессан гурашкахь лела езаш ю, маьрша нах бехачу меттигашкахь тIемаш бар сацон а деза. Iамеркан пачхьалкхан департаменто емалдина маьршачу нехан хIусамашна тIе бомбанаш еттар. Оьрсийчоьнан тIеман министралло цкъачунна шегара комментари йина яц хьолах.

Байначу беттан юккъерчу деношкахь Iамеркан зорбанаша дийцаредаьккхира, оьрсийн авиацино Шеман къилбаседа-малхбузера йиъ дарбан хIусам хIаллакйина аьлла.

Шемарчу радикалан исламхошца тIом болийра Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ коьртехь а йолуш, дуьненаюкъарчу коалицино 2014-чу шарахь. Шеман демократин оппозицина тIехIоьттина лаьтта Iамерка.

2015-чу шеран Гезгмашин-беттан 30-чохь Оьрсийчоьно йолийра тIеман кампани Шемахь. Коалицино масийттазза бехкейира Асад Башаран режим. Малхбузен пачхьалкхаша бехкево Асад адамийн бакъонаш ларъеш цахиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG