Францино тховкIело еллачу Нохчийчуьрчу вахархочунна Турчаев Хасанбекна 10 шо хан тоьхна набахтехь яккха Парижерчу леринчу бехккъасторхойн кхело. AFP агенталлан информацица, Шемара тIемалой кечбеш хилла аьлла, бехкала хьарчийна иза. 2013-2014-чу а шерийн кхаа баттахь ша Шемахь хилла аьлла, кхелехь бехк тIелаьцна Турчаевс. Амма цо тIе ца дуьту, ша даIишхойх дIа а кхетта, тIом бан вахана хилар. Шен вежарий лаха Iалашонца кхаьчнера ша бохуш, чIагIдо цо.
Ткъа талламчаша шайгахь тоьшаллаш ду боху, тIамехь хиларал а совнах, лоьлхуьйтурш лело цо тIемалой Iамош хиларан а, цхьахйолчу "Ахрар аш-Шам" тобана юкъадогIучу гаран "эмир" иза лаьттина хиларх а.
2002-чу шарахь Франци веана хиллачу Турчаевна меттигерчу Iедало политикан тховкIело а елла хилла. 2005-чу шарахь дуьйна пачхьалкхан къайлахчу сервисаша шайн тергонехь латтош хилла ву иза, цуьнан радикалан хьежамаш бахьана долуш.
Страсбургера дIавахна хилла Турчаев Шема, цигахь шен хIусамнана а, доьзал а битина. Цул тIаьхьа Молдавехь дIалаьцначу цунна экстрадици йина хиллера Франци.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?