ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчохь мохкбегийна нах белла, бу лазийнарш а


5, 9 магнитуда (ницкъан барам) йолуш мохкбегийча пхи стаг велла ГIажарийчоьнан къилбаседа-малхбузерчу Къилбан Азербайджан провинцехь, хаамбо пачхьалкхан хаамийн гIирсаша. Дуьххьара еллачу информацица, 3 вара велларг, ткъех вара лазийнарг. Керлачу хаамашца, 120 ву лазийнарг пIераскан буьйса юкъал тIех яьллачу хенахь хиллачу мохбегорехь. Саццаза оьхучу догIанаша новкъарло йо аьлла Iедалхоша нах кIелхьарбаха.

Iамеркан геологин хьукматан (USGS) зерашца, мохкбегоран магнитуда 5,8 ю. Асб Форушан гIалина герггахь нисъелла хилла эпицентр, USGS-н хаамца.

ГIажарийчохь кест-кеста бохург санна нисло мохкбегор. ТIаьххьара 5, 4 магнитуда йолуш мохкбегира цигахь Хормозгон олучу провинцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG