ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Толаман денна леринчу барамашка Москва ван мега Трамп


ТIедогIучу шарахь Оьрсийчохь Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Толаман денна леринчу барамашкахь хила тарло Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд. Вашингтонера Атланте ша воьдучу хенахь журналисташца хиллачу къамелехь хаийтина президенто шен лаамех.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьалхо кехат дахьийтинера Трампе, Толаман денна барамашка иза кхойкхуш. Ша хьошалгIа кхайкхар тайна шена аьлла Трмпа журналисташка. Iамеркехь политикан сезон йолалучу юкъанна хирболуш бу Оьрсийчохь барамаш, аьлла, билгалдоккхуш: "Хьожур ву со сайн аьтто болий. Хазахетарца цигахь хила лууш вара со, нагахь санна, сайн таро хилахь", - дIахьедина президенто.

2016-чу шарахь Iамеркехь хиллачу президентан харжамашна Оьрсийчоь юкъагIоьртина аьлла, Вашингтоно дIахьединчул тIаьхьа юкъаметтигаш телхинера Москван а, Вашингтонан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG