ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайн бахархошна тIелатар динчу узбекна а, таджикашна а хенаш йиттина


Таджикистанера а, Узбекистанера а орамаш долу виъ стаг бехкевина Челябинскан кIоштахь Китайн бахархошна тIелатар дарна. Прокуратуран хаамашца, стохка гурахь Каслинскан кIоштарчу церан хIусамчу а бевлла, тIехь ницкъбеш, цаьргара 178 эзар соьмана бахам схьабаьккхина хилла цара.

Масех де даьллачул тIаьхьа кхечу китайхойшкара 500 эзар гергга механа бахам а, ахча а даьккхина. Къайлабовлучу заманчохь "Нива" олу машен ядийна хилла зуламхоша. ГIуллакх листинчу кхело 8, 9 шераш хенаш тоьхна царна набахтехь яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG