ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташоно" гулам дIабаьхьна нехан кертахь


"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан" гуламера сурт
"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан" гуламера сурт

Наьсарарчу цхьана хIусаман кертахь эзар гергга стаг вовшахкхетта гулам бу дIахьош "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташоно", хаамбо "Кавказ.Реалиис". ГIалин администрацино дуьхьало йира шайна барам дIабахьа меттиг бала аьлла, дIахьедина организацин векалша.

"Синбахамаллин хIусаман гIишло чохь дIаяхьа дагахь дара тхо, амма пурба ца делира тхуна. ТIаьххьалц хIинций-хIинций юкъахбоккху тхан болх бохуш Iийра тхо", - аьлла, дийцина портале "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан" цхьахволчу, шен цIе ца яккхар дехначу векало.

Гулам дIахьочу кертахь гулбелла дуккха а полисхой бара, доккхачу декъанна "Э" Центран белхахой. "Сатесчхьана гIагI диллина машенаш а, автоматашца полисхой а бара дIахIиттина", - аьлла къамел динчо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG