ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жимчу- АтагIахь гIишло чохь эккхийтар хилла (+видео)


Шоьтан буса Шела-кIоштарчу Жимчу-АтагIахь Госхозная олучу урамерчу гIишло чохь эккхийтар хилла. Цу чохь дIатаръелла хиллачу фельшерийн амбулаторан пунктан пепнаш охьаэгна. Болчу хаамашца, лазийна, велла стаг вац.

Эккхийтар хиларан бахьанаш толлур долуш ду. "Комсомольская правда на Северном Кавказе" хьостано Нохчийчуьрчу орцан министраллехь къасторца, тарло цу гIишло чохь газ иккхина хила а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG