Росстатан зерашца, йоллу пачхьалкхерчу 4 регионехь бен алсам дац божарийн терахь. Оцу рейтингехь нисъелла Нохчийчоь а, 49 процент бу цигахь боьрша нах.
Ишта ю цу тептарехь Ханты-Мансийскан Автономин а, Ямало-Ненецкан гонаш а.
Йисинчу регионашкахь 6-10 % сов бу зударий. ГIалгIайчохь 47 процент бу стегарий. Божарий ца тоьа Ярославскан, Ивановскан, Тульскан, Новгородскан кIошташкахь а, Санкт-Петербургехь а.