ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинан пен охьахарцийна 30 шо кхаьчна


Берлинан пен охьахарцийна 30 шо кхачар даздеш барамаш дIахьош бу Беринехь. Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европехь коммунистийн режимаш йохийна, Германи а, йоллу Европа а вовшахтохаран символ хилла дIахIоьттина и хилам.

Германин канцлеро Меркель Ангелас шен къамелехь билгалдаьккхира, Европа кхоьллина мехаллаш - маршо, демократи, бахархошлахь нийсо, адамийн бакъонаш ларар хилар.

Германин президенто Штайнмайер Франк-Вальтера баркалла элира Юккъерчу а, Малхбалерчу а бахархошна, Малхбалерчу Германин бахархошца цхьана 30 шо хьалха маршонехьа къийсам латторна.

Дагалецаман барамехь дакъалецира Польшин, Венгрин, Словакин, Чехин лидерша. Иттаннашкахь эзарнашкахь нах бара гулбелла Берлинерчу Браденбурган кевнашкахь.

Iамеркан президенто Трамп Доналда Германин къам декъалдеш кехат дахьийтина. "Мехала бартхо" ю аьлла цо Германи.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG