ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхеле бевлла гIалгIайн жигархой


Зазадоккху-баттахь Магасехь митингехь латтарна лецначу гIалгIайн ЦIен жIаран куьйгалхочун Мальсагов Мусан а, "Опора Ингушетии" боламан хьалханчан Чемурзиев Барахан а адвокаташа Европан кхеле латкъамбина, церан бакъонаш йохорах. Чукхачийначу арз тIехь билгалдаьккхина, лецначийн маршонан а, нийса гIуллакх листаран бакъонаш а ларйина цахиларх.

ГIалгIайн жигархой леца болийра Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг хIоттийначул тIаьхьа. Оцу гуламехь полисхошца дуьхь-дуьхьал беттабеллера митингой. "Кавказский узел" агенталлан зерашца, лаьцна ву таханалерачу дийнахь ГIалгIайчуьра 31 жигархо.

Инарла прокуратурано дехар дина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело, Магасерчу митингах гIуллакх листар ГIалгIачоьнан арахьа хилийта аьлла. Прокуратуран тешам бац, гIалгIайн кхелахоша нийсо лелор ю аьлла, дийцина адвокато Ахильгов Калойс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG