ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь оьрсашна дуьхьал тIом бина ву аьлла, Польшехь лаьцна Мазур


Оьрсийчоьнан дехарца украинхойн жигархо, Лакхарчу Радас адамийн бакъонаш Iалашъян векал йинчун секретариатан белхахо Мазур Игорь дIалаьцна Польшехь. Украинан официалан хьосташа бина цунах хаам.

Донбассехь лаьттинчу тIемийн ветеран, нациналистийн УНА-УНСО (Оьрсийчохь йихкина ю) организацин цхьахволу лидер Мазур бехкево 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь гIаттамхойн агIонехь тIемаш бина ву аьлла. Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена дIахьедина ишта. Бух боцуш долийна гIуллакх ду аьлла, Полшин Iедалхошка маса а, нийсонца а гIуллакх листа аьлла, кхайкхамбина цо.

Оьрсийчоьно изза бехкаш дехкира хьалхо Украинан шина вахархочунна - Карпюк Николайна а, Клых Станиславна а. Бехкаш тIе ца лецира цу шиммо. Кху шеран гурахь Оьрсийчоьнан тутмакхашца дIасахийцира Клых а, Карпюк а.

Украинана а, Польшина а юккъерчу дозанехь дIалецира Мазур. Цуьнан цIе Интерполан базехь хилла бохуш чIагIдо. Украинан омбудсмено Денисова Людмилас хаамбарца, шоьтадийнахь украинхойн консул цхьанакхетта цуьнца. Ишта оршотдийнахь кхелахоша сацамбийр бу Мазурана дIасавалар доьхкуш.

Шоьтан сарахь украинхойн жигархо схьавоьхуш митинг хIоттийнера Киеверчу Полшин векалтна хьалха меттигерчу бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG