ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан хьовзамехь 66 шо долу стаг вийна Нохчийчохь


Нохчийчоь, Бена боьду некъ
Нохчийчоь, Бена боьду некъ

Цхьа стаг а вуьйш шиъ некъан хьовзам хилла Нохчийчохь тIаьхьарчу дийнахь-бусий, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо.

Иштта, Гуьмсан кIоштахь Бена боьдучу некъаца хаьрцина «Лада Гранта» жима машен. И бахьана долуш хиллачу чевнех велла цунна урхалла деш хилла 66 шо долу вахархо.

Оццу хенахь Гуьмсера Куршлойн-Эвла боьдучу некъаца а хилла хьовзам. Илсхан-Юьртана гергахь тӀеттӀакхета ши машен - 21 шо долчу Гуьмсан кIоштарчу яхархочо урхалла дон «Hyundai Solaris» а, 65 шаре ваьлла стаг хьалха хиина хилла "Тоyоtа Land Cruiser" а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо билгалдаккхарехь, таллам бича гучудаьлларг ду "Тоyоtа Land Cruiser" машенан номерш лоьхуш хилла хилар республикерчу ГИБДД-н урхалло.

Машенлелорхойн хьолах лаьцна цкъачунна хаам бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG