Нохчийчохь таллам болийна Шелан кIоштарчу Жимачу-АтагIахь Госхозная урамерчу гIишло чохь эккхар хилар бахьана долуш, хаам бо "Грозный информ" агенталло, меттигерчу прокуратурина тIе а тевжаш.
Болчу хаамца, цу чохь дIатаръелла хиллачу фельдшерийн амбулаторан пунктан пенаш чуэгна. Вийна а, лазийна а стаг вац.