ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн националисташка сагатдойту Азербайджанера баьхкинчу вахIабхойн жигаралло


Меренкова Любовь

Шаьш Iадаташ а, исламан мехаллаш а ларъеш ду, боху ваххIабхойн кхетам баржорна бехкебечу азербайджанхоша. "Кавказ.Реалиино" довзуьйту оьрсийн националисташний, Оьрсийчуьрчу азербайджанхойн патриоташний юкъадоьлларг.

Азербайджанхойн массех юкъаралла ю оьрсийн патриоташа тидаме эцна. Масала, «Дерриг а халкъан дуьхьа» (ВБОН) цIе йолчу азербайджанхойн цхьаьнакхетараллина полице арз дахьийтина «Царьград» телеканалан комментаторо, «Двуглавый орел» («Ши корта болу аьрзу») юкхъараллин Москварчу декъан куьйгалхочо Афанасьев Андрейс.

Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло талла долийна цо яздинарг. "Царьград" канало дIадахначу кIиранах хаам баржийна, полици йоцуш, Инарла прокуратура а, федералан къайлах сервис (ФСБ) а ю ша бина латкъам толлуш, аьлла.

Байначу баттахь «Дерриг а халкъан дуьхьа» (ВБОН) юкъаралло социалан машанашкахула видео яржийра цхьана кегийхойн тобано оьрсех тера вогIучу масийтта стаге видеохула нахе шайна кIинтIера бовлар доьхуьйтуш. Шаьш азербайджанхойн къам сийсаздеш къамелаш дина, бехк ма биллахьара шайна, бохура цу чохь цара.

Юьйцучу азербайджанхойн тобано «Вконтакте» машанерчу шен агIонтIехь хоуьйту шайна СаIудийн Iеламчин ибн Iабдел-ВаххIаб Мухьаммадан жайнеш деза хилар, гойту нохчийн тIемалойн баьччица Басаев Шемалца цхьа зама хьалха йина хилла а, Украинерчу малхбалехь тIемаш беш йолчу «Шайх Ушурмин батальонан» баьччица ЧIеберлойн Муслимца кху шерашкахь йина а интервью.

Оьрсийчохь бехачу азербайджанхошлахь ишта кхетам баржош цхьа «Дерриг а халкъан дуьхьа» (ВБОН) юкъаралла хилла а ца Iа. "Бизим эдэт" ("Вайн Iадат") юкъаралло а кхойкху азербайджанхой къоман орамаш биц цабаре. Ткъа цуьнан социалан машанерчу агIонан коьрте хIоттийна го СаIудийн Iаьрбийчохь муфти Iийначу ибн Баз Iабдел-Iазизан хьехам.

Оьрсийчохь Iедалан политика къобалъярца евзачу EurAsia Daily портало шуьйрра дуьйцу азербайджанхойн оцу юкъараллашкара шайна дуьйлу аьлла хетачу сакхтех лаьцна. Материалан цIе ешча а кхета цунах – «ВБОН – Оьрсийчоьнна баккъал а кхераме болу виртуалан пантюркисташ». Оцу юкъаралло, азербайджанхошна цатамбар муха доькху гойтуш, масалш далийна портало.

«Дерриг а халкъан дуьхьа» (ВБОН) организаци «экстремистех» а, «исламан радикалех» а лаьтта, яздо "Русская планета" («Оьрсийн дуьне») портало. Цо бахарехь, ГIадужу-беттан 28-чохь Пачхьалкхан Думе Либерал-Демократин партин лидер Жириновский Владимир волчу бахана хилла оьрсийн жигархой, цара дехна депутате оцу юкъаралло бен болх а, цуьнан Iалашонаш а тидаме эцар.

"Хиллачу къамелан жамI ду Жириновскийн коллегас, цуьнан партин декъашхочо Власов Василийс Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцевга, «Оьрсийчоьнан бахархошна, уьш лазорхьама а, церан могашалла талхорхьама а зуламаш дечу азербайджанхойн организаци зер» дехар», - яздо портало.

Карарчу ханна «Дерриг а халкъан дуьхьа» боламан декъашхой Оьрсийчохь а, Украинехь а, Беларусехь а, шайн децахь, Азербайджанехь а наханна борхIазза тIелетта хилар ду хууш, яздо "Русская планета" («Оьрсийн дуьне») портало.

Юьйцучу азербайджанхойн юкъаралло тергамбо шайн къоман нехан. Оцу агIор цо бечу балханна леткъаш, оьрсийн маттахь болхбечу Inews.az порталан авторша яздира байначу баттахь, шайна кхерамаш туьйсу «боьха лелачарна дуьхьаллаьттачу азербайджанхойн проекто», аьлла. Бахьана дара Inews.az тIехь блогеро Бахар Саялыс елла интервью араялар («Бакохарчу йоIстеган тептар» книга арахецарца а, «ЙоIстагаллах яьллачу Бакохарчу яхархочун тептар» цIе йолу блог лелорца а евзаш ю иза).

"ВКонтакте" машанехь «Дерриг а халкъан дуьхьа» тобан администраторша яздо, шаьш тIе ца оьцу шайна экстремисташ ду бахар, аьлла.

"Тхо экстремисташ дац, радикалаш а дац, акхарой а яц, ешапаш а дац. Тхо тхайн халкъ юьхьIаьржахIитточех кхаьрдаш долу къоман къонахий ду. Тхан Iалашо ю, хьакъдолчу вежаршца цхьаьна а кхетта, цаьрца цхьаьна тхешан дин, гIиллакхаш, Iадаташ лардан», - аьлла яздина тобано шен агIонтIехь.

Боламан декъашхоша чIагIдарехь, ницкъ толо арабевлла бац уьш, амма шайн диаспорина дина зулам-м доькху цара – масала, къеначу азербайджанхочунна еттар я азербайджанхойн йоIе маьттаза къамелдар. Стенна ца лехна иштачу меттехь Iедалера гIо, бохучу хаттарна жоп ца ло боламхоша, амма уьш къера бу бекхам низамехь хила беза бохучунна.

Inews.az портал кхетош, "ВКонтакте" машанерчу «Дерриг а халкъан дуьхьа» тобан администратора Джафаров Яшара хаамбина, оьрсех терачу кегийрхошна етташ яьккхина видео шайга яийтинарш «цхьа кегий бераш» дара, аьлла.

"Тхан машанерчу агIонца гергарло лелочаралахь дукха ду коьрта чохь кегаш бен йоцу бераш. Церан видео оха тхайн агIонехула гайтар – иза тхан гIалат ду, сиха иккхинчохь даьлла иза тхоьгара. «Оьрсийн дуьне» паблико тхаьшна кхерамаш тийсича, царна дуьхьал сов ира жоп делира оха – цунна а ду тхо бехке. Къера ду тхо тхешан гIалаташна, амма тхо дуьненаюкъара террористаш ду бахар а ю йоккха харцо. Тхоьгара дийлина зуламаш гойтуш дуккха а ю боху видео-кийсакаш. Мичахь ю уьш? Ши видео яра: цхьаъ, тхан къам сийсаздеш къамел динчунна тIара тухуш, шолгIаниг – къаночунна йиттиначунна бекхамбеш. И тайпа видеогайтамаш интернет яьккхина бу, амма тхан пабликехь гиначунна кочабахана. Делахь а, со къера ву, иштаниг низамехь листа деза», - элира Джафаровс.

Кхачам боллуш Iамош а, лелош а буй ненан мотт Нохчийчохь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG