ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ткъа и хьайн жIаьлеш шай гуйнехь кхабахьара ахь". Бесланхой "бохам бохкарна" бехке бинчу дизайнеро Лебедевс адамалле кхайкхина Кадыровга


Дизайнер Лебедев Артемий
Дизайнер Лебедев Артемий

Гезгмашин-баттахь "Бесланан наношна "бераш дIа а доьхкина, кхин дIа даха деза" аьлла хьехам бинчу Москварчу дизайнеро Лебедев Артемийс шен Telegram-каналехь гуманизмах лаьцна пост хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тидам тIеберзош, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Нохчийн хьалханче Лебедевга кехат яздайтинарг ду, Кадыровс ша "байа а, чубохка а, кхеро а кийча ву адамашна юкъахь барт бохош а, эладитанаш даржош а, адамаш эгIош а болу нах" аьлла, дукха хан йоцуш дина дIахьедар.

"Хьо лоруш стаг ву, хьоьгара дуккха а дика хIуманаш девлла, ахь юхаметтахIоттийна дийнна пачхьалкх, хьо веза хьан халкъана, хьоьга ладугIу, хьох кхера а кхоьру. Хьох дукха кхерарна, хьуна жоп лучу метта, цхьа а вист ца хуьлуш Iаш ву. Амма со вист ца хуьлуш Iийр вац", - яздина дизайнеро.

Лебедевна а хета Нохчийн Республикан куьйгалхочунна санна, дахарехь низамел а коьрта хIуманаш нисло аьлла (безам а, доьзал а беза бу низамел а).

"Низамаш кхачаме дац. Амма царал а гIоле дерг адамашна хIинца а цхьа а хIума ца карийна. Бакъонца ен кхел яр ца хилахь, вай юхадоьрзур ду тIулган оьмаре, - билгалдаьккхина цо.

"Ойла яяларан гӀора онда ду дилханал а. Нуьцкъала ларам байталур бац цхьаьнга а. Ницкъаца кхерам бен баккъарлур бац [...] Ткъа и хьайн жIаьлеш шай гуйнехь кхабахьара ахь", - яздина Лебедевс.

Лакхохьа хьахийна ма хиллара, ши бутт хьалха Бесланерчу бахархошка кхайкхам бинера Москварчу дизайнеро "бераш дIадохкий, кхин дIа даха деза аьлла", "бохам бохкарна" уьш бехке а беш. Цул тIаьхь Къилбаседа ХIирийчуьрчу бахархоша кхайкхам бира Iедалшка Лебедевс кечйинчу туризман брендах пайда эцар сацаде аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG