ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхан" кхечу мехкашкарчу тIемалошна депортаци яр долийна Туркойчоьно


Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп
Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп

Туркойчоьно оршотан дийнахь депортаци ян йолийна Шемахь шаьш лецначу "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхой хила мега аьлла шеко йолчу кхечу пачхьалкхийн махкахошна.

Туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаам бина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахочун депортаци ярх лаьцна. Дийцарехь, кху беттан 14-хь цIахьажош ву Германин 7 махкахо. Депортаци ян кечвеш ву кхин а Францера 11 стаг а, Ирландера а, Данера а "Исламан пачхьалкх" тобанан 2 декъашхо а.

Уьш дIахьовсор бу шаьш бехачу пачхьалкхашка. Европерчу пачхьалкхийн цу хьокъехь хIун ойла ю дуьйцуш дац.

Хьалхо Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа дIахьедар динера дукха хан йоцуш Шеман къилбаседехь тIеман операци дIахьош "Исламан пачхьалкхан" могIаршахь хилла 300 гергга кхечу пачхьалкхийн махкахо лаьцна шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG