ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIаьвнаша гуттар а тIедоьху тхо


ГIалгIайн бизнесхо Алмазова Мадина
ГIалгIайн бизнесхо Алмазова Мадина

Интервью йинарг "Кавказ.Реалиин" корреспондент Михальченко Лидия ю.

ГIалгIа ю Алмазова Мадина. Казахстанехь йина а, кхиъна а ю иза. Сталинан депортаци лайначу тIаьхьенах ду цуьнан да а, нана а. Ша юрист а, экономист а ю Мадина. Куьйгаллехь шерашкахь белхаш бина зеделларг долуш ю иза, ишта финансийн консалтинган сферехь бизнес лелош а ю карарчу заманчохь.

600 стаг шен куьйгакIел а волуш, болх бан хала дуй, Казахстанехь гIалгIайн диаспоран гIуллакхаш а муха ду, кестолгIа ГIалгIайчохь экономика кхуьур юй бохуш, хеттарш динчу "Кавказ.Реалиин" корреспондентна жоьпаш делла Мадинас.

- Сайн даймохк лору ас Казахстан. Ткъа ГIалгIайчоь - сан дай баьхна мохк бу. Цундела даймохк шиъ бу сан. Хьалхара мотт – гIалгIайниг бу. Муьлххачу а гIалгIана, цигахь цкъа а ваьхна вацахь а, даим а уьйр лаьтта цуьнан хьомечу лаьмнашца а, бIаьвнашца а. Даим а тIедоьху тхо цара. Нехан махкахь а вовшашна гергахь даха дIатарло тхо, оьшучунна гIо дан а, тхайн даймахкахь бехачу гергарчу нахаца зIе латто а.

- Кавказхошна цIаберза пурба деллачул тIаьхьа, къоман цхьа дакъа хIунда дисина аьлла хета хьуна Казахстанехь даха?

- Дукхахболчеран гергара нах белла депортацехь, дийнна доьзалаш кхелхина хIусамаш а ю. Къам махках доккхучу хенахь 4 шо бен ца хиллачу сан ненаненан да а, нана а деллера. Ткъа дененан, цуьнан дуьххьара хилла цIийнда а, массо бер а кхелхина Казахстанан аренашкахь. Оццул хIума лайначу оцу нехан таро хилла хала а, атта а дIатарбала казахийн махкахь, цундела цигахь диса сацам хилла аьлла хета суна церан.

Цул совнах, Къилба ХIирийчоьно Пригородный олучу меттигера тхан латтанаш юха ца деллера, гIалгIайн хIусамаш паргIат яха а дуьхьал хиллера уьш, къам цIа дирзича. Ткъа цигахь баьхначийн бухабахка меттиг бацара.

Реабилитаци хиллачул тIаьхьа а, гIалгIашна тIехь дисинера хIетахь тоьхна таммагIа, дуккха а хан дIаяхара деша а, балха баха а царна таро ца луш. Амма, карарчу заманчохь Казахстанехь бехачу гIалгIайн дуккха а аьттонаш бу, кхечу бахархойн санна бакъонаш а ю.

- ГIалгIайн Iедал ду, болх а беш, дIайолийначу доьзалан бизнес юкъа боьлхуш, ткъа ахьа айххьа хьайна некъ баьккхина. Дийцахьа айхьа лелочух.

- Шина агIонца къахьоьгуш схьайогIу со. Сан профиль – инвестицин проекташца болхбар, финансийн консалтинг, проекташна тIехь куьйгалла дар ю. Бизнес-планаш, финансийн моделаш кхуллу ас. Доккхачу декъанна, йоккхачу а, юккъерчу а барамехь кхоьллинчу бизнесехь болх беш ю со. Бизнес йолийначарна гIо до ас, церан ахча системе даккха, ас тIекхиабо уьш, хIун пайден жамIаш хила тарло кеп-кепарчу агIонашкара дуьйцуш а. Инвесторшна лерина кечйо ас презентацин материалаш, инвестицеш юкъаялош накъосталла а до.

Цул совнах, Астанарчу Дуьненаюкъарчу финансийн центран (AIFC) территори тIехь сайн партнерашца юкъахь оха схьайиллина керла компани. Цигахь лелаш ю ингалсан бакъо а, къаьстина ясакъан режим а. AIX биржа ю цигахь болх беш, ишта ю исламан биржа а. Корпоративан бизнесна лерина шуьйрачу кепашкахь гIо дан таро ю тхан, МСБ (AIFC-ехь регистраци яр, инвестицеш юкъаийзор, юридикан а, бухгалтерин а кехаташ кечдар, аудит, IT проекташ, ишта кхин дIа а. Клиенташ кхойкху оха тхешан майдана. Лизинган компанеш, банкаш, йохка-эцаран, индустрин, юьртбахаман организацеш а. Узбекистанца а цхьана болх болийна оха.

Алмазова Мадина шен белхан накъосташца
Алмазова Мадина шен белхан накъосташца

- ГIалгIайчохь бизнес кхион, хIун оьшу, хьан хьежамашца?

- Политикан лаам, пачхьалкхо бизнес кхио хьелаш кхоллар, инвесторш карор. Легендехь йисинчу Тэтчер Маргарета олуш хилла-кх, пачхьалкхан бахам Iаламан ресурсашца бен кхолла йиш яц бохург бакъ дац. Коьрта ресурс - ша стаг ву. Бахархойн говзалла а, корматалла а гучуяккха бух ахь кечбахь, муьлхха а регион маса кхиа йолалур ю.

КIоргера корматалла, говзалла йолуш нах беха ГIалгIайчохь. Ала догIу, нагахь санна, доьзалера гIалгIайн зудаберашна гIо хуьлий, цара баккхий кхиамаш бохур бу. Шанс яла еза царна.

Москвахь университетехь болх беш ю сан цхьа доттагI. Суна евзаш йолу кхин цхьа гIалгIа-зуда Iаламат дика ларош яра цхьана йоккхачу казахийн эвлан куьйгаллехь йолчу хенахь. ХIинца цхьана йоккхачу дешаран хьукматан урхалхо ю иза. Iаламат интересе, хьекъале, кхиаме зуда ю иза. Ас дозалла до царех.

- Масийттазза хьо а ма хилла куьйгаллехь. Хала-м дац зудчунна урхалла дан?

- Цхьана банкехь финансийн анализ ечу декъан куьйгалхо яра со. Цул тIаьхьа кеп-кепарчу проектийн куьйгалла а дина ас. Туркойн гIишлошъяран компанехь болх бира ас, 600 гергга стаг вара хIетахь сан куьйга кIел. Менталитет, вайна ма хаъара, кхечу тайпа ю церан, цундела зударийн карабахар ца деза божаршна.

Проектийн директоршна шаьш "паччахьаш" хетара, юьхьанца со куьйгалхо санна тIеэца реза ца хуьлура уьш. Шайн метта уьш охьаховшо дезаш меттиг нислора. Делахь а, дерриг дипломатин некъашца дерзо гIертара со-м, ца хьулчу даьлча, стаг балхара дIавоккхура.

- Кавказехь марехь боцуш, шайн гIуллакх деш болчу зударшна тIеIаткъамбо. Карьера а йитина, маре а бахна, доьзалан ойла ян еза цара бохуш. Цу кепара хьехарш дийраш Iотталой хьох?

- Сан нанас олура, цкъа хьалха деша а дешна, цхьа корматтала караерзон еза, маре ваха мичча хенахь а ларор ву олий. Ишта хьехарш сайна дара даггара баркалла олу ас нанна. "Маре яха еза" хьо бохуш, суна хьехарш дийраш совнах нах бу, дукха хьолахь, гIалгIайх болу. Соьга яздо цара, хьехарш луш: "Хьан дуккха а кхиамаш бу, марехь хIунда яц хьо?", бохуш.

И сан сайн гIуллакх ма ду, чIогIа ца деза суна, эхь-бехк ца лоьруш, сайга ишта къамелаш дича. Оцу тIехь казахаш мел а паргIат нах бу. Делахь а цара а олу соьга-м "маре яха езара хьо". Дукха хьолахь, забар йой, тIехтосу ас церан хабарш.

Со дуьхьал яц доьзална а, маре яхарна а. И уггар а коьрта Iалашо ю аьлла-м ца хета суна, делахь а. Хьайн менталитетца а, хьекъалца а, кхиамашца а вогIуш хила ма веза стаг.

- ХIун дан деза аьлла хета хьуна, дас-нанас деша а, кхиамаш баха а ца буьтучу мехкарша?

- Къарбала ца беза уьш, шайн таронех боллучу ницкъаца пайдаэца хьовса а беза, онлайнехь а цхьана: курсаш, вебинараш хуьлу. Чуьра ара а ца волуш, интернетехь деша таронаш ю тахана, мотт Iамо а йиш ю.

- ГIалгIайн зудаберашна Казахстанехь хеча йоьхна лела мегий?

- ХIан-хIа, ца мега. И трагеди яц, амма къоман дресс-код ларъян езаш ю.

- Хьуна гарца, Оьрсийчохь уггар а къен лоручу регионашлахь хIунда ю ГIалгIайчоь?

- Цхьа могIа бахьанаш ду кхузахь. 20-гIа бIешерийн юккъехь а, чакхенехь хилла инзаре хийцамаш, масала. Луларчу республикехь хилла тIемаш, цигара чубаьхкина мухIажирш, цхьана хIуманна гунахь доцу республикан Iедал.

Вайн пачхьалкхан ресурсаш яра хьуна, таронаш а яра, и дерриг а пайда хуьлчу агIор лело цахаар ду-кх. Экономика кхион еза нийса дIахIоттийначу политикан системехь, бакъо коьрта а лоруш. Ткъа кестолгIа и нийсо хир ю олийла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG