ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ведучи" курортехь керла канатан некъ бан хьажор ду 4,2 миллиард сом


Курорт "Ведучи"
Курорт "Ведучи"

4 сов миллиард сом хьажор ду Нохчийчуьрчу "Ведучи" когсалазийн курортехь керла канатан некъ бан. ТАСС агенталло бинчу хаамца, и ахча лур ду федералан бюджетера.

Некъ бан оьшу гIирс дIакхачор дIадерзо дезаш ду 2022-чу шеран Гезгмашин-бутт чекхбалале. Электронан аукционехь дакъалаца луучу компанийн кехаташ чудала аьтто хир бу Лахьан-беттан 15-чу дийне кхаччалц.

Проектаца а догIуш, канатан некъан йохалла хир 4400 метр, ткъа 30 кабина хир ю хIоранна а чу 32 некъахо а тарлуш. Цу некъан таро хир ю хIора сохьтехь 2 400 стаг дIасавига.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG