ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно ца оьшу вовшахтохараллашна юкъатоьхна Чехера Člověk v tísni


"Чехаш, баркалла шуна" - Clovek v Tisni вовшахтохараллан сайтан иллюстраци.

Оьрсийчоьнан юстицин министралло шайн махкахь хила ца оьшучу вовшахтохараллашна юкъатоьхна Чехера Iедалшца йоьзна йоцу гIо-накъосталлан тоба Člověk v tísni (Адам баланехь, Человек в беде). Цунах лаьцна хаам гучубаьлла цу министраллан сайта тIехь.

Člověk v tísni дуккха а шерашкахь болх бина ю Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Дийцарехь, цу вовшахтохараллана Оьрсийчу некъ бихкина "Оьрсийчоьнан Федерацин махкахойн коьрта адамийн бакъонаш а, маьршонаш а талхорна декъахь болчу нахана Iаткъам барх" (О мерах воздействия на лиц, причастных к нарушениям основополагающих прав и свобод человека, прав и свобод граждан Российской Федерации) низамна тIе а тевжина.

Člověk v tísni махкахь хила ца оьшучу вовшахтохараллашна юкъатоха Лахьан-беттан 7-хь сацам бина Оьрсийчоьнан инарлан прокуроран когаметто.

Чолхе хьал иккхича адамашна гIо деш йолу а, ткъа иштта дерриг дуьнентIехь демократи а, адамийн бакъонаш а кхиарна аьтто беш йолу а вовшахтохаралла ю Člověk v tísni. Цо 40 сов пачхьалкхехь гIортор йо диссиденташна а, маьрша журналисташна а, демократин оппозицин векалшна а.

Карарчу хенахь кхечу пачхьалкхашкара а, дуьненаюкъара а Оьрсийчохь хила ца оьшучу вовшахтохараллийн тептарна юкъахь ю 19 структура.

XS
SM
MD
LG