ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Окуева Аминин цIе тиллина Киеверчу урамна


Украина -- Окуева Амина дагалоцуш суртийн гайтам, Днипро, 2018 шо
Украина -- Окуева Амина дагалоцуш суртийн гайтам, Днипро, 2018 шо

Окуева Аминин сий деш цуьнан цIе тиллина Киеверчу Шевченкон кIоштарчу керлачу урамна. Цунах лаьцна хаам бина Киеван гIалин пачхьалкхан администрацино. Иза яра украинахойн лор а, юкъараллан жигархо а, эскархо а, Сий Лардо Революцин а, Украинин малхбалерчу тIеман а декъашхо а, аьлла ду цу хаамехь.

"Евромайдан йолаяларца Амина Викторовна дIакхийтира цуьнан декъашхойх, иза лор яра 8-чу "ОвхIанан бIаь" олучу тобанан. Украинин малхбалехь тIом боьдуш «Киев-2» батальонан тIемалошна юкъахь Окуевас дакъалецира Дебальцево Iалаш еш хиллачу тIамехь, шена тIедиллина декхарш кхочуш дира Чернухинохь а, Луганщинехь а. Дудаев ЖовхIаран царах машарбаран батальон кхуллуш дакъалаьцна йолу Окуева пресс-эпсар яра цу батальонехь, аьлла ду Киеван администрацин хаамехь.

Оццу хаамца, Окуева Амина кхелхира 2017-чу шарахь ГIадужу-баттахь Киеван кIоштахь иза чохь йолчу машенна герз тохар бахьана долуш. ДIайоьллина Днипрохь.

Киеван администрацино билгалдаккхарца, ураман цIе тиллар дийцаре дира Киеван гIалин администрацин веб-порталехь стохка Марсхьокху-беттан 10-хь дуьйна ГIадужу-беттан 10-гIа де тIекхаччалц. Цуьнан декъашхойх 89% наха кхаж тесира керлачу урамна Окуева Аминин цIе тилла еза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG